ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЗаьIапхо, хьуна дан гIо дац, Iедале орца кхи ма дехалахь..."


Шеконе дилла хьашто а йоцуш, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан кIошташлахь уггаре а дукха заьIапхой болчу регионех цхьаъ ю Нохчийчоь. Къинхьегаман а, социалан хьелаш кхиоран а министаралло ши шо хьалха Iорадаьхначу терахьашца 175 эзар сов заьIапхой бу, шайлахь 61 эзар сов бер а долуш.

Оццу урхаллин маьхькIамхоша чIагIдарца, хIора шарахь республикехь заьIапхойн могIарш дукълуш, 10 эзар сов тIе а кхеташ, церан терахь лакхадолуш ду. Официалан гIардаьккхинчу терахьца махкахь 10% сов заьIапхой бу.

Царех коляска олучу ворданаш тIех бен дехьа-сехьа вала амал доцуш, виснарг ву, дуьззина доцчу терахьашца ши эзар сов стаг. Оццул уьш дукха белахь а, кIошташкахь, гIаланашкахь цхьа наг-наггахь доцург хаалуш вац куьйга тоттучу ворданахь заьIапхо.

Стенна? Цу хаттарна жоп кIелбисинчу нахана ара-чубовла. баха-бахка кхоьллина хьелаш цахиларца доьзна ду. Цу декъехь Нохчийчоь, говзанчаша а, шаьш бахархоша а билгалдоккхуш ма-хиллара, Оьрсийчохь уггар гIаддайначу кIоштех цхьаъ ю.

Масала тIекIалдинчу цIенош чохь, я Iедалан хьукхматашкахь къоьлла ю пандус олучу некъан. Вуьшта аьлча, дезаро охьатаьIIина латтош, баланех, эшамех доьттина ду цхьацца лазарца болчу бахархойн дахар.

Цомгаш йолчу йоIана дарба каро Европе кхача дагахь 5-6 бежана а йоьхкина новкъаяьлла Новр кIоштера Маликат эрна харж йина юхайирзина кху деношкахь. Шайгарчу хьолах дуьйцуш ю и ша.

Маликат: "ДТП, анемия цамгар ю йоьIан. Бежана пхи корта а боьхкина, Европе яха йоьллера со, амма бакъо ца елира дехьа яла. Квота елча а гIуллакх хир дац, кху Оьрсийчохь тхуна дарба карор дац аьлла. Ас Iедалдайшка гIо дехна аьлла кIоштан хьаькамаш схьа а баьхкина суна дов дира, хьуна дан гIо дац кхин кехат ма язделахь аьлла. Цигахь дозанал дехьа бен йоIана лоьралла леладойла доций а хаьа, делахь кхин гIо деш-м дац…"

Ткъе дейтта шо ду Соьлжа-гIалин кIоштера Юсупова лазарца йолу. Iедалера шайна хуьлчу гIоьнах а, шаьш шайн чоьтах заьIапхо Фаранце кхачаярх а дуьйцуш ю цуьнан йиша Лидан.

Лидан: "Сан йиша ворданна тIехь йисна 34 шо ду. И оха чекх ца йоккхуш меттиг йисна а яц. Хьалха санна тIаьхьа ида а ца дезаш, оьшуш мел долу хIума Iедало схьало. Кху сохьта Францехь ю иза. Шозза операции а йина цунна. амма кхин хийцамма-м бац. ХIинца кхиахь хIара мархийн бутт бале цIа кхачо хьовсур ду тхо".

Ког баькх-баьккхинчохь бахархоша дечу тоьшаллашца, Iедалера хуьлуш кхин дIоггара гIо а доцуш, гIийла дуьне дууш бу лазарца болу бахархой. Iедало царна,бан таро йолчунна а,болх хилийтархха-м дийцар а беламе ду.

Цу декъехь а цара шаьш туху шайна лол. Иштачех, куьйгашца лело зеразаьIнаш хIиттош, шен машен кеч а йина таксахо болх беш ву Теркйист кIоштера Ломаз юьртара Мурадов. И ву дуьйцуш.\

Мурадов: "Кхечара гIо даре хьежжехь со мацалла велла хир вара. ХIара машен ас айса кечйина-кх. ХIара еха зеразакъа тормоз ю куьйга озош. ДIогарниг муфта сцеплени олу коьчалла ю, ткъа хIара газ тIеяла боьгIна гIирс бу. Ткъа шо а сов ду ас ишта машен лелош йолу".

Махкарчу заьIапхойн дахар кесталгIа дикачу агIор хийцалур ду ала дегайовхо йоккха яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG