ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшехь лаьцначу вахархочун гIуллакх кхеле дIахьажийна


Полшин чоьхьарчу кхерамзаллан агенталло лаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочун А. Кюрин (Полшин низамашца фамили йовзуьйтуш яц) гIуллакх прокуратурано кхеле дIахьажийна. Иза бехкево "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанан агIо лацарна. Полшин зорбанаша бина и хаам.

Чоьхьарчу кхерамзаллан агенталлан материалаш тIехь дуьйцу, и стаг Шемарчу тIамехь дакъа лаьцна хиларх. Иштта хоуьйтуш ду, бехкевечуьнгахь герз хиллийла а.

Прокуратурано бехкево Нохчийчуьра вахархо 2013-чу шарера 2014 шо чекхдаллалц йолчу хенахь цуьнгара дийлинчунна. Полшин Iедало бахарехь, 6 баттера 8 шаре кхаччалца хан йогIу цунна.

Кху шеран Зазадокхучу-баттахь дуьйна лаьцна ву Кюри

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG