Амриев Мурадан воккхахволчу вашас Амриев Зураба кхайкхам бина Нохчийчуьрчу Iедале.
Шен вешина гонах хIоьттиначу хьолах къамел дан кийча ву иза, амма нейтралитетан дозан тIехь.
Нохчийн полисхочунна Дашаев Мохьмадна тIелатар дарна бехкевеш ву Амриев Мурад.
"2007-чу шарахь дуьйна со махкахь хилла вац. Юьхьанца Полшехь Iийра, цул тIаьхьа Германехь. Вуьйцучу полисхочунна тIелатар диначаьрца ас дакъа лаьцна дац. Иштта бехк бац сан вешин Мурадан а. Нагахь санна, шун претензеш елахь, со кийча ву шуьца цхьанакхета нейтралан дозанехь" боху Амриев Мурада.