ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтера ведда нохчийн тутмакх лаьцна


Новгородерчу набахтера ведда тутмакх, Нохчийчуьра вахархо Закриев Шемал лаьцна некъан полисхоша.

Кхаа шарна хан тоьхна чохь кхобу Закриев веддийла гучудаьллера пIераскандийнахь.

Интернетан машанашкахь терроризм яржорна бехктакхаме гIуллакх айдинера цунна дуьхьал.

Шоьтадийнахь лаьцна, юха а ша хиллачу набахте дIакхачийна Закриев Шемал.

Тутмакхан вадарх талламаш дIахьош бу, хадархошна таIзар дийр ду аьлла хаамбо набахтин урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG