Подмосковьерчу Кратовехь герз диттинарг Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалаьцна хилар гучудаьлла. Хаамбо ТАСС агенталло.
Цуьнан лулахоша дийцарехь, шен ненаца вехаш волу и стаг психика галъяьлла ву. Цкъачунна караваза ву зуламхо. Росгварди и чохь волчу цIенна тIелатар дан кечлуш ю, герзаш деттар лах ца делла.
Нах бехачу цIийнан корехула герз детта волавеллачу оцу стага вийна 4 оцу кIоштара вахархо.