ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан клубан цIе "Ахмат" хилар официалехь тIечIагIдина


Оьрсийчоьнан футболан премьер-лигин сайта тIехь хийцина "Терекан" цIе "Ахмат" аьлла. Официалехь тIечIагIдина нохчийн клубан цIе "Ахмат" хилар кхи дIа йолчу ханна. Нохчийчоьнан хиллачу куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан цIарах хир ю футболан тоба.

И лаам, клубан фанатийн дехарца бина аьлла, дуьйцу махкарчу Iедалхоша, оцу юкъанна ВКонтактерчу уггар йоккхачу клубан фан-тобано шаьш дуьхаьл хилар дIакхайкхийнера.

Иштта футбол езачара интернетехь петици зорбане йиллира, "Терекан" цIе цахийцар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG