ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Госдепо оьгIазвахийтина Кадыров


Оьрсийчоьне нохчийн спортхочунна Амриев Мурадна кхерамзалла латторе кхайкхам бина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Госдеп бехкейина Кадыров Рамзана, пачхьалкхера хьал талхо гIортарна.

"Госдепан рогIера дIахьедар Амриев Мурадана сагатдарца дац, церан аьтто баьлла кхи цкъа а Оьрсийчоьне шайна IаьтIкъинарг дIала, пачхьалкхехь дестабилизаци хIоттон Iалашонца дина дIахьедар ду и" аьлла Кадыровс.

"Шун демократи бахьанехь ах дуьне цIийх дуьзна ду. Шун йоллу бакъонашларъяран институташ шалхо йолуш ю. Нохчийчохь низамаш ду лелаш" аьлла, тIетоьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG