ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьсттина чагIйинчу рожехь болх беш бу Нохчийчура орцанхой


Къаьсттина чIагIйинчу рожехь болх беш бу Нохчийчура орцаллан министраллан белхахой. Цу кепара омра делла царна Оьрсийчуьрчу МЧС-ан республикерчу декъан куьйгалхочо Яхьяев Руслана, хаам бо цу урхаллан зорбанан сервисо.

Иза доьзна ду Мангал-беттан 12-гIа де Оьрсийчохь дезаде хиларца. Орцанхоша шайн коьрта тидам тIебахийтина Оьрсийчоьнан Де даздеш адамаш гулделлачу меттигашкахь цIе ца ялийтарна, билгалдоккху зорбанан сервисо.

МЧС белхахоша цу кепарчу рожехь болх бийр бу, шинарин де чекхдаллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG