ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен дена а, вешина а тукар диттина Венехь вехачу нохчийн наркомано


23 шо долчу нохчочо шен дена а, вешина а тукар детташ чевнаш йина. Ша сацон гIоьртинчу девешина кхехкаш долу хи тIедоьттина цо. Цул тIаьхьа Майдлинг кIоштарчу цIийнан кхоалгIачу гIатта тIехь йолчу шайн петаран корах аракхоссавела иза.

И кIант, Венерчу полицин векало Кайблингер Томасо Маршо радионе бинчу хаамца, кокаин а, героин а олучу наркотикех возуш хилла. Цо хьалха а массийтаза дина хилла шен гергарчу нахана тIелатарш.

„Делкъал тIаьхьа цIавеана хилла и кIант. Петаран неIарехь горгали цо бекийча, иза кхераме вуйла хуучу нанас шайн чохь долу дерриг а арсаш дIалечкъийна хилла. Цкъа хьалха хIуммаъ доцуш санна, машаре лелла кIант, цуьнан нанас дийцарехь.

Цара массара а цхьаьна хIума кхаьллина хилла. Амма цул тIаьхьа цIеххьана карзахваьлла жима стаг. Шена петарехь урс ца карийча, тукар диттина цо шен дена а, вешина а. Дов дерзо гIоьртинчу девешин юхьтIе кхехкаш лаьттачу яйчуьра довха хи тоьхна цо“, - иштта дийцира полицин векало хилларг.

Гергарчарна чевнаш йинчул тIаьхьа вала дагахь корах аракхоссавелла и стаг дахарна кхерамечу чевнашца лоьрийн цIийне кхачийна. Цуьнан корта а бойна, дегIан меженаш а кегйина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG