ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиришца хиллачу конфликтехь доьза байна нах лохур бу гIалгIаша


ГIалгIайн махкахь жигарбоккхур бу байна нах лахаран болх. Цу хьокъехь барт бина меттигарчу бахархойн бакъонашкахула векалан Оздоев Джамбулатан а, «Лебедь инарлаан миссин» куьйгалхочун Мукомолов Александран а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цигахь дакъалаьцна цхьаболчу юкъаралхоша а, яздархоша а, шайна юкъахь вевзаш волу яздархо Кодзоев Iийса а волуш. Цара дIахьедар дина байначу нахах хилларг къасталлц шина къоман юкъахь даима мекхалла лаьттар ю аьлла.

Гетагазова Хадишт болх беш ю байна нах лохучу меттигерачу цхьаьнатохараллехь. Байначу нехан гIуллакх тIехула девзаш яц иза. Цуьнан да а ву иштта вайна хилла, дукха хан йоцуш кешнашкахь дIавоьллиина карийна. Жигарбаккха кечбинчу оцу балхах лаьцна иштта элира цо.

Гетагазова: «Москохахь шен хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцира Мукомоловс. Хьалха 200 сов вара хIинца 173 гIалгIа ву вайна ларалуш. ДНК экспертиза а яьккхина 4 гIалгIа а, цхьа хIири а карийна гIазотан кешнашкахь. Царна юкъахь сан да а ву».

ХIирийн-гIалгIайн хиллачу девнехь байнарш лохуш болх боьду дикка хан ялахь а, карийнарш доккхачу декъана гIалгIайн махкара кешнашкахь дIабоьхкинарш бен бац, бохуш кхин дIа а дуьйцу юкъаралхочо Гетагазова Хадиштас.

Гетагазова: «21 меттиг ю тхан кешнашкахь иштта нах дIабоьхкина. 4 гIалгIа, цхьа хIирий а бен вац хьенан мила ву къаьстина. Ангушт эвлахь а, хIинца Тарское олу цуьнах, цхьа меттиг карийна нах дIабоьхкина. Цкъачунна къастийна дац цигара декъий хьенан ду».

ХIора вайна стаг карийча, нехан сапаргIат дер дара, аьлла хета юкъаралхочунн Гетагазова Хадиштан. Хийла нах бу, чуьра масийтта стаг оцу хенахь вайна, элира цо.

Гетагазова: «Иштта меттигаш хIирийн махкахь ю. ХIора стаг схьалехча атта дара. Кхузахь дуккха а доьзалш бу нах байна. Тхоьца болх беш ю Буружева Хьанифа. Цуьнан 3 ваший, дай, деваший, дейиший иштта кхин дIа а, ша верриг 7 стаг вайна. Хала хIума ма ду иза».

1992 шарахь хIирийн-гIалгIайн хиллачу конфликтехь 608 стаг вийра: 490 гIалгIа, 118 хIири. Лар йоцуш вайна ларалуш ву 208 гIалгIа, 37 хIири.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG