ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарехь буй-тIарий дина Оьрсийчоьнан латарехула чемпионатан декъашхоша


ГIалгIайчуьрчу Несарахь паргIатан кепехь охьатохарх латарехула Оьрсийчоьнан чемпионатехь спортхой летта, Дагестанера а, Къилбаседа ХIирийчура а ховсархоша дакъа а лоцуш. Цунах лаьцна яздо "Черновик" газето.

Къепедацарш дуьйладелла Дагестанера латархо Кадимагомедов Магомедхабиб а, ХIирийчура Сидаков Заурбек а летта ваьллачул тIаьхьа.

Суьдхоша толам белла Дагестанерчу латархочун. Цунна реза боцу ХIирийчура спортхой и сацам къийса буьйлабелла, эххаре латаре а бовлуш.

Цу юкъагIоьртина къовсадаларе хьажа бахана шина а тобанан агIончаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG