ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Iамерко Нохчийчохь гIортор йира тIемалошна


Оьрсийчоьнан президент къамел деш ву конорежиссерца Стоун Оливерца. Видеон скриншот.
Оьрсийчоьнан президент къамел деш ву конорежиссерца Стоун Оливерца. Видеон скриншот.

Showtime телеканало гайтина кинорежиссеро Стоун Оливера Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца къамелаш дина кечйинчу "The Putin interviews" (Путинан интервьюш) филман хьалхара дакъа, хаам бо kavtoday.ru сайто.

Телехьовсархошна Путинера хиира Iамерка Нохчийчохь нохчийн тIемалошна гIортор еш хилла хилар. Цу сов, Путина чIагIдарехь, Цхаьнатоьхна Штаташ ахчанца гIо деш яра Къилбаседа Кавказерчу тIеман тобанашна.

"Iамерко политикан гIортор йира нохчашна, хьул а ца деш", - боху Путина. Цо чIагдарехь, Вашингтоно ахчанца гIо дина хиларан тоьшаллаш а ду цаьргахь. Цул сов, цхьадолу тоьшаллаш шаьш Iамеркан коьртачу талламан урхаллан векалшна гайтира, амма цара иза харц даран метта, мелхо а шаьш кхин дIа а «оппозицин ницкъашна» гIортор йийр хилар хаийтира, уьш «терроран структураш хиллехь», бохуш дуьйцу Путина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG