Вологдан кIоштарчу ИК-5 олучу колонехь велла Гайтукаев Лом-Iела, хаам бо "Кавказский узел" агенталло. Иза чувоьллинера журналист Политковская Анна юьш дакъалацарна.
Гайтукаевн гергарчара дийцарехь, колонехь цунна етташ ницкъ беш хилла. ТIаьхьарчу хенахь могашалла кхоччуш галъялла а хилла Гайтукаев.