ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдогIан реза вац Катарна блокада ярна


Туркойн президент ЭрдогIан Реджеп.
Туркойн президент ЭрдогIан Реджеп.

Катарана йина блокада «адамалла доцуш а, бусулба синкхетамца йогIуш йоцуш а ю» аьлла, дIахьедина Туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа.

Шинариндийнахь туркойн парламентехь вистхуьлуш цо билгалдаьккхира Катарца йоьзна кризис дIаерзо езаш ю СаIудин Iаьрбийн пачхьалкх, Цхьаьнатоьхначу Эмирташца а, Мисарца а, БахIрейнца а цхьаьна ша терроризмана гIортор ярна бехке йина йолчу.

И бахьана долуш шайн Катарца йолу дипломатийн зIенаш хедийна цу 4-ъа пачхьалкхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG