ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу "Беркутан" хилла командир Кусюк вара Москох митинг дIасалоллуш


Украинин МВД-н «Беркут» олучу тобан командир хилла Кусюк Сергей Москох.
Украинин МВД-н «Беркут» олучу тобан командир хилла Кусюк Сергей Москох.

Москох оршотдийнахь хилла коррупцина дуьхьал митинг дIасалоллуш дакъалоцуш хилла Украинин МВД-н «Беркут» олучу тобан командир хилла Кусюк Сергей, хаам бо «Дождь» телеканало.

Нах дIасалохкуш иза хилла Оьрсийчоьнан ОМОН-ан барзакъ доьхна.

2013-чу шарахь Майданехь дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш болу нах дIасалохкуш куьйгалла деш вара Кусюк. Украинехь цунна дуьхьал толлуш ду бехктакхаман дов.

Мангал-беттан 12-чу дийнахь иттаннаш Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь коррупцина дуьхьал акцеш хилира, дуккха адамаша дакъа а лоцуш. Москох полицино лаьцнера 900 гергга стаг. Петарбухехь – 700.

Митингаш дIайирзича полисхошна тIелатарш дина аьлла Талламан комитето схьадиллина масийтта бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG