ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов: "Бакаев бехке цахиларх теша со"


Ноьвран-кIоштарчу Росгвардин дакъанна тIелатар вовшахтоьхна аьлла Нохчийчуьрчу Iедало бехкевина, лехамашка веллачу Бакаев Iелас, ша бехкецахилар хоуьйтуш аудио-кхайкхам баржийна Интернетехь.

Бакаевс чIагIдо, оцу хенахь ша Каирехь хилар. Мисара деша веанчу хенахь хезна боху цо шена тIелатар дина хиларх а.

ТIелатархой шена бевзаш бу боху Бакаевс, амма церан Iалашонех хиина дац шена.Шен доттагIчунна тIехь ницкъ бинчул тIаьхьа, яха йолийна шен цIе аьлла хета цунна.

Iедало тIеIаткъам беш, тахана Нохчийчохь бехачу шен гергарчарна саготта а ву Iела.

Ауди тIехь къамел дийриг билггала Бакаев Iела хилар чIагIдира Маршо Радионе вистхиллачу Абдурахманов Тумсос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG