ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера кхеташо хилла Ибрагимовн кхелехь


Шинариндийнахь Соьлж-ГIалахь Октябран кIоштарчу суьдехь дIайирзина яздархочун-историкан Ибрагимов Ризванна тIехь йоьдучу кхелан кхеташо. Бехке вечун агIонан дехарца кхеле леван валийнера талламхо Джабраилов Мурад, Талламан комитетера Нохчийчуьрчу декъехь болх беш волу. Цуьнга кхаьчнера и гIуллакх дуьххьара, цундела Ибрагимовс а, цуьнан адвокато Касумовс а кхеле масийттоза дехар дина валийнера иза тоьшалла дан.

Талламхочуьнга гIуллакх талларан а, цуьнан башхаллех а, шайна гучу агIор харцонех хеттарш дира бехке ечу агIоно. Адвокат а, бехке веш верг а башха реза ца хилира цо лучу жоьпашна.

Ибрагимовн агIоно кхелан хьалха хиллачу кхеташонехь дехнера, цуьнан книгийн чулацамехь экстремизм карийна болу эксперташ лебан тIекхайкхар. Аджиматова фамили йолу эксперт балхара садаIа яхна, цундела иза мичахь ю шайна хууш дац аьлла жоп кхаьчна цигара.

Цул хьалха кхиъ ши эксперт а ца еара суьде. Цхьаъ балхара дIаяьлла, иза карош яц, ткъа вукхо шен дукха болх бу, кхеле ян йиш яц аьлла жоп даийтина.

Рогера кхеташо хир ю еариндийнахь 10 сахьт даьлча Iуьйранна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG