ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакх Гайтукаев дIавоьллина ТIехьа-МартантIехь


Вологдан кIоштарчу ИК-5 колонехь велла Гайтукаев Лом-Iела дIавоьллина ТIехьа-МартантIерчу кешнашкахь, хаам бо "Кавказский узел" агенталло.

Иза, валлалц аьлла хан а тоьхна, чувоьллина вара журналист Политковская Анна юьш дакъалацарна.

Гайтукаевн гергарчара дийцарехь, колонехь цунна етташ ницкъ беш хиллера. ТIаьхьарчу хенахь могашалла кхоччуш галъялла а хилла иза.

«Кавказский узело бинчу хаамца, Вологдера Москох Гайтукаевн дакъа деана гергарчара машенахь. Цигара кемантIехь Соьлж-ГIала качийна иза.

Гайткаев дIавуллуш дакъалоцуш хилла эзар гергга стаг, царна юкъахь бацара республикан куьйгалхойх нах, хаам бо «Кавказский узело».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG