ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Публицистан Ибрагимовн кхелехь хилла рогIера ладогIарш


Тахана Соьлж-ГIалахь Октябран кIоштарчу суьдехь дIайирзина публицистана Ибрагимов Ризванна тIехь йоьдучу кхелан рогIера кхеташо.

Цуьнга хеттарш дира цуьнан агIоно а, тIекхойкхучу прокуроро а.

Ибрагимов Ризвана жоьпаш делира, ша историйн таллам бан маца а, хIун Iалашонца волавелла. Дуьххьара бахьан-нохчашна шен орамаш довзийтар а, цуьнца доьзна шайна тIехь жоьпал хиларх кхетор а. Цо аьттехьтIе ца дитира, шена бехке дуьллу, къаьмнашна юкъахь питан даржош ву бохург.

Кийсак а ялийра цо шен книги тIера, ша автор ву аьлла эксперташ зуламе лаьрра йолу. Иза оьрсийн яздархочуьнан националистан Дорманчук Константинан артикал тIера схьаэцна хиларх хьахийна а дац цара, аьлла тидам бира Ибрагимовс.

Кхела кIела валийначу нохчийн историн талламхочо Ибрагимовс цул совнаха хаам бира, шен йозанаш зорбане дахале, ша Iилманан академи а, муфтияте а цхьайолчу министралшка а уььш таллахьара аьлла хьажийнера аьлла. Иштта цхаь моггIа меттигерачу газеташкахь а тIетоьхна арайийлина цуьнан книгаш тIера цхьацца дакъош. ХIета, ма ца лаьрра уьш цхьанна а зулам дахьаш а, питане а,-аьлла тIетуьхира яздархочо.

Ибрагимов Ризван левар цу тIехь дирзина дац. ПIераскан денна дIатеттина кхело рогIера кхеташо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG