ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтонерчу полицино бехк кховдор бу ЭрдогIанан гIаролхошка


Вашингтон, Стигакъекъа-беттан 16-гIа де.
Вашингтон, Стигакъекъа-беттан 16-гIа де.

Вашингтонан полици дагахь ю Туркойчоьнан президентан ЭрдогIан Реджепан 12 гIаролхо жоьпе озо, цара дукха хан йоцуш иза Iамеркан коьртачу гIалахь визитаца волуш латарехь дакъалацарна.

Associated Press агенталло дийцарехь, 7 гIаролхочун бехк билла мегаш бу криминалан зулам дарна.

ЭрдогIанна гIаролан сервисан белхахой цIабирзина Туркойчу, цундела уьш лоцур бу, нагахь уьш юха а Iамерке кхачахь.

Стигалкъекъа-баттахь Вашингтонехь Туркоьйчоьнан Iамеркерчу векалаллана уллехь, цу чохь ЭрдохIан а волуш, тасадалар хилира туркойн Iедалийн агIончийн а, дуьхьалончийн а.

И бахьана долуш лазийра 9 стаг. ТIаьхьо Вашингтонан полицино 34 стаг билгалваьккхира цу латарехь дакъалаьцначу 42-ннах. И нах гергарчу хенахь лоцур бу низамаш лардечу органийн векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG