ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца-м лоьраш къинхетаме хир бара


Кху бIаьста Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, пачхьлкхан коьрта проблемаш охьаягаръеш, коьртачех лерира медицинан белхахой дарбан хIусамашкахь тIе ца тоьаш хилар, къаьсттина кегийчу гIаланашкахь а, ярташкахь а.

Иштта чолхе ду элира цо дархочунна шена оьшучу лоьрана тIекхача, ткъа регистратурийн белхахоша кIоршаме а, бенцахетаре а гойту шаьш аьлла, билгалдаьккхинера президенто.

Театран дуьне ма-дарра девзачу Станиславскийс ма-аллара, гардеробан хIусамера йолалуш театр ма-хиллара, муьлхха а дарбан хIусаме хьо кхачахь, лоьранна тIе кхачар а регистратуричуьра долалуш ду.

Дукха хьолахь, шаьш бахархоша латкъамаш а беш, регистратурин белхахоша къахкабо дархой шайн шогаллица, цакхетамца.

Цхьана агIор диллича, массо а са чохь адамаш ду, цундела кхеташ ду, болх аттачех церан боцийла а: схьаеттачу телефонашна жоьпаш ца делча а ца бовлу, амбулаторийн картанаш а леха дезаш хуьлу, кIад а ло, гIел а ло, собар а кхачадо.

Цул совнах, церан шайн дахарехь цхьацца проблемаш хила а тарло, дог догIуш хуьлу массарна а къежа а, кIеда-мерза хила а.

Ткъа поликлинике леларш а ма бац самукъанна я дан хIума доцуш оьхуш, цхьа бала-гIайгIа ядийна, молхане, дарбане сатуьйсуш ма хьийза уьш а.

Доккха собар оьшу адамашца бечу балхахь. Делахь а, гIиллакхах ца вохар а, нахана юкъахь лело еза култура а ца лерича а ца йолу.

Регистратуран белхахойн а, дархойн а юкъаметтигаш тоярхьама ши шо а ду "ГIиллакхе регистратура" цIе а тиллина, проект юкъаяьккхина, оьрсийн гIаланашкахь дIахьо.

Оцу проекто медбалхахочун а, дархочун а юкъаметтигаш нисйийр ю, лоьрашна тIе лаьтта рагIнаш лахйийр ю, доцца аьлча, дарбан хIусамашкахь а, поликлиникашкахь регистратураша дархойн хьашташ кхочушдарехь эвсаралла жимма а лакхаяккха а там бу аьлла тешна бу проектан инициаторш.

Кху деношкахь Нохчийчуьрчу могашалла Iалашъяран министро Сулейманов Элхана йийцарейина и проект юкъараллан могашаллин, коммуникацийн департаментан куьйгалхочуьнца Салагай Олегца.

Маршо Радионо сарралц зIе латтийра махкарчу могашалла ларъяран министрллаца, оцу леринчу проектех а, и бахьанехь муьлха агIонаш тоян, кхачаме яло Iалашо ю церан хаа лаарца, амма цунах дийца хууш, компетенте стагга а ца карийра тхуна.

Хууш дац, "ГIиллакхе регистратура" проект юкъаяьккхичхьана маса лор "товелла" пациенташка йолчу шогаллех а, кIоршамаллех а.

Делахь а адамашкахь дегайовхо латтайо аьлла хета, 4 шо даьлча хIора а вахархочун дарбан хIусамийн лоьрашца телемедицинан консультаци дIаяхьа аьтто беш онлайн-кабинет кхуллуш хиларо.

Чохь Iашехь Интернетехула хьенна а таро хир ю шена оьшшучу лоьраца зIене а ваьлла, цуьнан мукъачу хенахь тIеваха хан билгалъяккха а, оьшу медицинан кехат эца а, ша еллачу анализийн-тестийн жамIаш хаа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG