ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цацаев а, Каутаров а дагавогIу харцо хьахийча...


Европан кхело листа тарло церан дов

Лурчах Маршо Радионо а, цунна тIаьххье «Дождь» телеканало а, «Новая газето» а дуккхаза а дийцира Москох меттигера полисхо балхара ца вохавайтархьама …ши нохчийн кIант – Цацаев Тимирлан а, Каутаров Аслан а – пхиппа шераш а тоьхна, кхело набахте хьажорах лаьцна.

Фабула ишта яра. Цхьана аьхкенан буса, йоI а евзина, цуьнца кафешкахула ваьлла лелаш ву полисхо Пешков Алексей. Къоьруш лелачу юкъанна цо шен белхан мужалт-документ дожадо (я доккху цуьнгара ницкъаша – кхелан верси) паркехь. Иштта йойу (я йоккху цуьнгара – талламо дийцарехь) телефон а.

Ши кIира гергга хан яьлча, бехкевой, лоцу Москох доьшуш а, вехаш а волу ши жимха – Цацаев а, Каутаров а. Талламо а, цул тIахьа хиллачу кхело а чIагIдо, и шиъ ву тIелеттарг, полисхочунна талор динарг.

Адвокаташа шеко йоцу тоьшаллаш гулдо и ши студент хIуманна а бехке вацарх. Уьш машенца цамегачухула чекхбовла гIортарна лецна хилла вехна лелачу полисхочунна «талор» дечу буса, иза дале ах сахьт хьалха. Сахьт хан яккхийтина полицехь. Алиби тIечIагIъеш ду шина кIанта накъосташца шайн телефонашкахула дина къамелаш а, йозанаш а.

…Амма я алиби а, я шина кIентан дов зен шен караэцна талламча Пешкова Пешков Алексейн нана хилар а, я вехна леллачу полисхочун телефон а, чуьра сим карта а тIаьхьо кхечу нахехь карийна хилар а, полицехь берашна, дареш дохуш, гIибабовллалц еттар а – хIумма а чоьте ца ийцира кхело.

Нийсонан зIаьнар къедира хIетахь кхел ерззале. Шина кIентан къа-бала балхо аьтто баьллера церан массех накъостан Москохарчу полицин буьйранчига Якунин Алексейга. Инарлас нохчийн кегийрхойн бIаьра а хьоьжуш, шен белхахоша йинчу харцонах «цец а вуьйлуш», дош деллера, дерг ша зуьйр а ма ду, нийсо толор а ма ю, аьлла.

Амма Якунина ша къамел дина массех кIира даьлча хийцира дарж, аьлча а, министралле лакхавелира, ца дира дош кхочуш.

Иштта, хенаш а тоьхна, набахте хьажийра Цацаев Тимирлан а, Каутаров Аслан а.

Дог ца дуьллуш, бакъо тIеяларе сатийса висина дов тергалдинчу эзарнех массех стаг – берийн уллера гергарнаш а, хьал дижийта ца туьгу массех адвокат а.

Исаева Асет – Цацаевн нана – шинарийдийнахь яхна еана воI чохь кхобучу Чувашерчу набахтера. «Со яц къаръелла. Къийсалур ю кхидIа а», - элира дикане сатийса ца кIадлучу цо Маршо Радиоца къамел деш. Iеткъа цунна, цхьа а «кхоъ», «диъ» доцуш, ши институт цхьаьна чекхйоккхуш воллу кIант харцоно дахаран некъах вохор.

Исаева: «Со тешар яцара бехк боцург иштта чувулла аьлча, …оццул чIогIа тешаш яра со. Цхьана вочу хIуманна юкъахь хилла иза ца хилча, цо иза дина ца хилча, мичахь хилла, хIун деш хилла, цунах кехат карахь хилча, иза цхьана баттахь а чохь Iийр ву аьлча, со тешаш яцара.

2014-чу шарахь, иза чувоьллина ши кIира далале аравер ву аьлча, со мича Iалур ю оццул, олий, хетара, цул тIаьхьа ши шо а дели. Тхайгара хIун даьлла а ца хууш, хьийзош-м ду тхо. Бела а боьлуш, тхох баша а ца бешаш, судьхочо пхи шо туьйхира-кх тхуна…»

Шинарийдийнахь кхаъ беъна Исаева Асете а, набахтехь бохкучаьрга а – Страсбургерчу Европан адамийн бакъонийн кхело жоп делла дехарна дуьхьал – зен, листа юьхьаръэцна Цацаев Тимирланан а, Каутаров Асланан а дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG