Режиссерна Стоун Оливерна интервью луш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дийцина Сталинах "дукха тIехь лилбаз деш" хиларх лаьцна, иза Советан пачхьалкхана атака яран цхьа некъ бара аьлла билаглдоккхуш, хаам бо РИА Новости.
Оьрсийчоьнан президентана хетарехь, иза деш ду «таханлера Оьрсийчоьно а шена тIехь лелош сталинизман билгалонаш" ю ала.
Путина дийцарехь, Сталин «чолхе фигура» ю. Цо вуьстина иза Британерчу Ингалсан революцин баьччаца Кромвел Оливерца, «эххаре а дикататор а, тиран а хилла волчу», амма тахана а Британехь дуккха а цуьнан хIолламаш лаьтташ волчу.