ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ал-БагIдади вийна шаьш боху Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаша


«Исламан пачхьалкх» тобан хьалханча ал-БагIдади Абу Бакр вийна хила мега шаьш аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчалло. Цара динчу дIахьедарехь дуьйцуш ду, Иракъерчу Ракка гIалана гергахь кеманашца тохар а дина, вийна хила мегаш ву иза бохуш.

Дийцарехь, ракеташ а, бомбанаш а тоьхна оьрсийн кемано, цу тобан командираш кхеташо дIахьош а болуш. Иза хилла дIабаханчу Стигалкъекъа-беттан 28-чу дийнахь.

ТIаьхьарчу массех шарахь ал-БагIдади верах лаьцна масийттаза хаамаш баьржина зорбанан гIирсашкахь. Амма уьш бух болуш ца хиллла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG