ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу конфликтехь байинчу нехан терахь алсамдаьлла


2014-чу шеран Охан-баттахь дуьйна Украинерчу конфликтехь вийна 2696 эскархо. 10 эзар гергга салти а, эпсар а чевнаш хилла ву.

Цу хьокъехь хаам бина Украинин тIеман министралан векло Лысенко Андрейс.

ООН-нан Украинехула йолчу адамийн бакъонашкахулан мониторинган тобанан хаамца, кху шеран Чиллан-баттахь дуьйна Стигалкъекъа-батте кхаччалц йолчу заманчохь Донбассехь вийна 36 маьрша вахархо. Кхин а 157 чевнаш хилла ву. Оццу хаьстано дийцарехь, Украинера конфликт йолаелчхьана вийна 1000 гергга маьрша вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG