Лондонан полицино лаьцна, урс а карахь, парламентана улле веана стаг. ВВС-но бинчу хаамца, полицин белхахоша иза сацош пайда эцна электрошокерх, цуьнгахь урс хиларх лаьцна наха шайга хаам бинчул тIаьхьа.
И стаг террорхо ву аьлла ца хета полицина.
Лондонехь кхерамазалла чIагIйина Зазадоккху-беттан 22-чу дийнахь цхьамогIа кхераме тIелатарш динчул тIаьхьа.