ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан тIеман хIордан кемантIера 7 эскархо лоьхуш бу орцанхой


Iамеркан тIеман хIордан кема контейнерш йохьуш догIучу мехаш лелабен хIордан кеманах кхетар бахьана долуш вайна лоруш ву Iамеркан 7 хIордан эскархо. И бохам хилла Японин бердаца болчу хIорда чохь гергахь.

Орцанхой бу байна эскархой лоьхуш. Цхьаболчу хаамашца, уьш хIорда чу эгна хила мега. Ткъа иштта кеманаш вовшахкххетарна неIарш ситтина чура арацабовлалуш бисина хила а мега.

Iамеркан тIеман хIордан кема кхузза жима ду мехаш лелабен кеманал а. ХIетте а тIеман кема хи буха ца дахана, иза шен ницкъаца доьдуш ду Йокосука портерчу шен базе.

Хилларг толлур ду Iамеркан тIеман буьйранчалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG