ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сечин хIинца лууш вац Financial Times суьде дала


Сечин Игорь а, Кадыров Рамзан а. 04.2017
Сечин Игорь а, Кадыров Рамзан а. 04.2017

Роснефть” куьйгалхо Сечин Игорь дагахь вац Financial Times газетан суьде латкъам бан, хаам бо RNS агенталло. Сечин оьгIазвахийтинарг дара цу газето “Грознефтегаз» бахьана долуш довл даьлла цуьнан а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а аьлла.

Охан-беттан 12-чу дийнахь Financial Times газето хаам бинера, Сечинан а, Кадыровн а цакхетамаш бу цу компанин активаш меттигерчу Iедалшна йохкар хьокъехь аьлла.

Газетан хьостано дийцарехь, цаьршинна дуьхь-духьал латтар вуно луьра дара. Иза гойтуш дара, масала, кху беттан 3-чу дийнахь Петарбухерчу метрохь эккхийтар дарехь «нохчийн лар» лаха еза аьлла хаамаш баржор.

Сечинан а, Кадыровн а конфликт ирайелира Зазадоккху-баттахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо реза ца хиллачул тIаьхьа «Роснефтан» нохчийн активех I2 миллиард 500 миллион сом дала.

И мах дукха хьалабаьккхина бу, ткъа «Роснефть» Нохчийн республикаца харцонца юкъаметтигаш лелош ю, элира Кадыровс. Зазадоккху-баттахь «Роснефть» реза ца хилира Нохчийчохь мехкадаьтта кечден завод йилла, цо пайда бохьура бац аьлла.

"Роснефто» шен сайта тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь дуьйцуш ду, Financial Times газето хьехош дерг дукха экаме хIума хилар, Сечинан а, Кадыровн а балхаца йоьзна йоцучу юкхаметтигашца доьзна долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG