Мигранташ тIеэца бохуш Iедалшка кхайкхамаш беш марш дIаяьхьна Испанин коьртачу гIалахь Мадридехь масийтта эзар стага. Цу наха доьхург ду Евробарто бина сацам кхочуш бар.
Цу сацамца а догIуш, 17 эзар мухIажир тIеэца дезаш ю Испани.
Бакъонашларъярхоша далочу терахьашца, карарчу хенахь Испанин Iедалша дIатарвина шайн махкахь 1 300 мигрант.