ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карийна бохам хиллачу Iамеркан тIеман хIордан кемантIера эскархой


Iамеркан тIеман хIордан кемантIера эскархой карийна ши кема вовшахкхетта хи чудаьллачу отсекехь. Карийнарг маса эскархо ву дуьйцуш дац.

амеркан тIеман хIордан кема контейнерш йохьуш догIучу мехаш лелабен хIордан кеманах кхетар бахьана долуш вайна лоруш вара Iамеркан 7 хIордан эскархо. И бохам хилла Японин бердаца болчу хIорда чохь гергахь.

Iамеркан тIеман хIордан кема кхузза жима ду мехаш лелабен кеманал а. ХIетте а тIеман кема хи буха ца дахана, иза шен ницкъаца дIакхаьчна Йокосука портерчу шен базе. Цигахь аьтто баьлла чу хидаьлла отсек схьаяста.

Хилларг толлур ду Iамеркан тIеман буьйранчалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG