ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураев Тимур бахьанехь юха а - таIзар


Муцураев Тимуран эшарш интернетехула яржорна, Нохчийчоьнан Талламан комитето бечу хаамца, бехкебина рогIера кегийрхой – Баскаев Мохьмад-Салахь а, Алиев Рамзан а.

"ВКонтакте" толлуш «гучуваьллачу» цу шинна дуьхьал дов айдина экстремизмалле материалаш яржорна (административан кодекс). Кхело луьстур бу бехк. ГIуда тоха, я 15 де-буьйса лаьцна даккхийта тарло Баскаевга а, Алиевга а.

Дахначу кIиранах оццу Муцураевн эшарна тIехула дов айдира Нохчийчуьрчу вахархочунна Сулейманов Илесна дуьхьал а. Иттаннашкахь бу оцу бардан эшаршка ладогIарна а, уьш яржорна а таIзардина нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG