ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ерхов - Оьрсийчоьнан керла векал Туркойчохь


Туркойчу векалвина Ерхов Алексей Оьрсийчоьнан президенто.

Ах шо хьалха Хонкарарчу фотогайтамехь къамелдеш вийра Туркойчуьра Оьрсийчоьнан векал Карлов Андрей полицин белхахочо Алтынташ Мевлюта. Полисхойн герз кхетта велира иза ша а. Зулам терактан могIара диллира Оьрсийчоьно.

ХIетахь дуьйна хьажоза вара Туркойчу векал. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь лаккхарчу даржехь болхбина керлачу векало Ерховс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG