Туркойчуьрчу кавказхойн юкъараллашлахь хьалхара ларалучу Кайсери гIаларчу чергазийн хасэн (кхеташонан) коьрте хаьржина керла куьйгалхой.
Кхеташоне кхаьчначу 18 стагна коьрте хIоттийна Сейхен Хейреттин, хаамбо хасэн сайто.
Кейсери провинцехь ю 60 гIебартойн а, 10 хатукайн а юьрт. Хасэн векалша "Кавказ.Реалиица" динчу къамелехь хаийтира шаьш Какказерчу даймахкца зIенашкахь хиларх а, цигара дахар тергонехь кхобуш а хиларх лаьцна.