ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонерчу маьждигна уллехь динчу террактах дош аьлла Мэй Терезас


Британин премьер-министро Мэй Терезас официалехь дIахьедина, Лондонерчу Финсбери паркехь машен нахана тIетохар – иза «хьалхалеранаш а санна, маьттаза теракт ю», аьлла. Цунах хаамбо ITV телеканало.

Премьеро бахарехь, зуламхо ша цхьаъ хилла, полицино минот ялале дуьхьало йина, 8 минот йолуш хиллачух теракт а аьлла. «Исламна духьал террор яржор а ду, исламхойн террор а санна, доккха зулам», аьлла Мэй Терезас.

Оьршьтан буса Лондонехь, Финсбери паркехь лаьттачу маьждигара арабевллачу нахана тIетоьхна машен-фургон. 1 стаг велла, 10 лазийна. Машенлелорхо лаьцна, полицин каравелла бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG