ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стигалх йолу меморандум шозлагIа а юхаэцна Кремло


Оьрсийчоьнан тIеман министралло меморандум арахецна, ша Шемин стигалахь хила тарлучу инцидентийн хьокъехь Iамеркаца бина барт хадабо, аьлла. ДIахьедар даржийна Оьрсийчоьнан агенталлашкахула.

Iамеркан Штаташ коьртехь а йолуш, ДАIИШца къийсам латточу коалицино чудожийна Ракка провинцехь тIеман кема СУ-22, хаам бинера хьалхо коалицино. Демаьшко хаамбина, иза шайн кема дара аьлла.

Мангал-беттан 19-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчоьнан тIеман министралло сацабо Iамеркан агIонца кеманийн инцидентех лардаларх, стигаларчу кхерамзаллах йолу меморандум, декхаре йо Iамеркан агIо хилларг талла а, жамI довзийта а», - боху дIахьедарехь.

Оьрсийчоьно цкъа сацийнера хьехочу меморандумо кхайкхийна хьал – ши бутт хьалха, Шемарчу Шайрат авиабазина томагавкашца тохардича, амма меттахIоттийнера Охан-беттан 13-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG