Соьлж-ГIала – уггар кхерамзалле гIала ю Оьрсийчохь, боху Домофонд.ру портало, ша бинчу хаттамна тIе а тевжаш.
258 эзар Оьрсийчоьнан вахархочуьнга делла кхерамзаллах лаьцна хаттар. 10 баллах хIоттийначу шкалаца а дуьстина жоьпаш.
Нохчийчоьнан бахархоша 8,7 балл къастийна шайн кхерамзаллина. ШолгIачу меттехь бу шайн гIалахь кхерамзалла лакхара хетарца Сочин бахархой. КхоалгIачу меттехь - Нижневартовск. Кавказхошлахь шайн кхерамзалла мелла лакхара лору БуритIерачу наха – церан гIала ю 10-чу меттехь.
Оьрсийчохь уггаре кхерамечу гIалахь ду шаьш, аьлла Шахты гIаларчу бахархоша.