ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сокуров: "ХIун ю Нохчийчоь? Я республика а яц, я Оьрсийчоьнан дакъа а дац"


Кинорежиссер Сокуров Александр
Кинорежиссер Сокуров Александр

"Суна хетарехь, Нохчийчоь йоллу Оьрсийчоьнан а уггар а халачех проблема ю. Я и республика а яц, я Оьрсийчоьнан дакъа а дац. И ша къаьстина формаци ю. Шен эскар а долуш, жигара исламизаци а, милитаризаци а йолуш, къизалла хестош, сонта, Оьрсийчоьнан Конституци а, низамаш дац цигахь лардеш. Катоьхна йийцареян еза и проблема, йозуш йоцчу республикан статус цунна дIа а елла, шайна баха бита беза нохчий. ТIаккха Оьрсийчоьнан Федерацин дозанашкахь тIеман дуьхьало латто еза".

КIирандийнахь Петарбухарчу "Фонтанка" интернет-газетана Оьрсийчохь гоьваьллачу режиссеро Сокуров Александра еллачу интервью юкъара дакъа ду хIара.

И алар дуьххьара дац кинорежиссеро ша Нохчийчоьнна дуьхьал хиларх къайла а ца хьош, дIакхийкхочех.

Кху бIаьста, "Ника" кинопремин совгIаташ дIасадоькъучу церемонехь вистхуьлуш, юха а Iе ца велира Сокуров, шен цабезам хьалха ца боккхуш. Ша Оьрсийчохь цабезачу режиссерех ву, оцу бахьанашца тIаьххьарчу хенахь пачхьалкхал а арахьа кинош яха декхарийла хуьлу ша. Шен дукхаъйолу кинош оьрсийн кинотеатрашкахь гайта йихкина ю, иштта Нохчийчохь а.

Делахь а, башха саготта вац режиссер, ша хьоьгучу къинан дакъа Нохчийчу ца кхочуш. "Нохчийчоь – ша къаьсттина сектор ю, Оьрсийчоьнца башха йогIуш йоцуш" аьллера цо.

ХIетахь махкарчу Iедало жоп доцуш ца витира вевзаш волу кинорежиссер. Нохчийчоьнан зорбан, информацин министро Умаров Джамбулата кхийсарш йира, цунна жоп луш.

"Ша режиссер хиларе терра, бакъо ю Сокуровн шена хетарг ала, амма кхузахь, дукха тIехваьлла иза. Гоьваьлла режиссер иштта кIорггера хьекъал доцуш стаг ву аьлла ца хета суна, Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъасто йиш йоцуш дакъа дуйла цахаъал. Я Сокуровс юьйцург кхи Оьрсийчоь ю-те, шена ган луург: Нохчийчоь цхьаъ, Башкири шолгIа, ГIезалойчоь кхоалгIа, Урал-4-гIа, иштта кхи дIа а".

Киноиндустрех Сокуров Александра къамелаш деш а, хьахонза ца юьсу Нохчийчоь. Кавказан регионашкахь дика хир дара боху режиссеро киностудеш ехкича, амма оьшуш дац Нохчийчохь, цигахь Оьрсийчоьнан низамаш болх беш дац боху цо.

ТIаьххьарчу шерашкахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно дIахьедечу кеп-кепарчу дIахьедарша ира-карахIиттабо юкъараллехь

Иштта стохка интеллигенцин Конгрессо куьйгаш дара гулдеш Кадыров мехкан урхаллера вохавар доьхуш, цо рогIера оппозицина кхерамаш туьйсуш, ларам боцу дIахьедарш динчул тIаьхьа.

Маршо Радион къамел хилира Сокуровн дIахьедаран хьокъехь махкал арахьарчу Ичкерин Iедалан куьйгалхочуьнца, Лондонехь вехачу Закаев Ахьмадца.

Закаев: "Вай хьалха а дийцина хIуманаш ду уьш, дукха хьехийна а ду, тахана Оьрсийчохь боккъал а бакъ а долуш, дуккха а нах кхетта аьлла хета суна. ХIокху тIаьххьарчу 20 шерачохь Оьрсийчоьно оцу Нохчийчохь тIебинаболчу тIамехь а, шайн хетачу Iалашонка ца кхачийнийла хууш дукха нах бу тахана.

ХIунда аьлча, и дIадолалучу хенахь дуьйна я Нохчийчоь цхьа герзах йоьттина дуьненна кхерам а болуш пачхьалкх ю аьлла долийна дацара иза. Политикан хьолехь, Нохчийчоьнан, Оьрсийчоьнан юкъаметтиг билгаляккха вайн Iедало а, ЖовхIара а, Аслана а бохушшехь, дIаболийна тIемаш бара уьш. Тахана уьш кхеттарг хIун ду, цара муьлххачу агIор и хьийзича а, цига чохь долчу хьолан цаьрга Iуналла ца дало.

Юьхаьнца Оьрсийчоьно тIом болочу хенахь, ЖовхIар ца мега шайна аьлла болийра, шолгIа тIом болалучу хенахь, БасаевгIара хIара провокаци йина, вукхара важа дина аьлла, иштта и шолгIаниг а болийра. Аслан ца мега аьлла, цунах террорист а вина, цIе а кхоьллина, иза вен а вуьйш, иштта таханалерачу дийне схьабохьуш хIара тIом. Тахана царна Кадыров ца мега, царна цхьа а мегар вац. Кхийолу регионаш а санна оцу статусехь Нохчийчоь цаьрга дIахIотталур яц, царна мел чIогIа лиича а. Уьш кхеттарг, Оьрсийчуьра бахархой кхеттарг, политикаш кхеттарг цхьа хIума ду, Нохчийчоь маьрша яккха езаш хилар".

Сокуровс шен дIахьедарехь кхи цхьа агIо а хьахийнера, дуьне ма- дду бьржина нохчий шаьш тIеэцначу мехкашна а бале бовлу, шайн меттиг ларбан цахаарца аьлла.

Ткъа Закаев Ахьмад оцу тIехь реза вац режиссерца, ша догйовха ву элира цо, даймахкал а арахьа кхуьу тIаьхье Нохчийчоьнан кхане хирг хиларх.

Закаев: "Хьаъа а, хIуъа а бахахь а, Европехь, кхузахь вайн къам ду дехаш. Вайн къоман онддах долу дакъа ду махкал арахь дехаш. Проценташкахь билгалдаьккхича, вайн нохчий санна хIокху аренца дукха бехаш кхечу къаьмнийн векалш хир бац. Вониг а хир ду, диканиг а хир ду. Амма кхеран Iедалшкахула а, кхаьрца вешан йолчу юкъаметтигашца а, кхеран терхи тIе а тевжина, вай билгалдаьккхича а, тахана Европехь дехачу къаьмнашлахь вайн къам кхеран Iедалша цхьана а тайпана чолхе къам ду аьлла билгалдаьккхина дац.

Доккхачу декъанна тахана вайн къоман кегийнах доьшуш бу, дика дIатарлуш бу, тарбелла а бу. Бакъдерг аьлча, вайн тIемаша хIаллакйинчу, йохийна, яьржина лелачу оцу тIаьхьенах 1-2% эр ду вай оццул хIума а ца хуьлуш, 25 шерачохь тIом лаьттинчу къомана юкъахь вуьшта доьрзийла а яцара. Вайн къомана а, пачхьалкхана а пайдехь а хир долуш, чкъор ду кхузахь хьалакхуьуш, иза суна вайн къоман кхане ю аьлла хета".

Материал кечъечу юкъанна видеохула Сокуров Александрна жоп луш вистхилла Нохчийчоьнан зорбан министр Умаров Джамбулат.

"Хьо гунахь воццушехь эхь ца хетта хьуна шуьйра евзачу зорбанашкахь и харцо йийца. Суна чIогIа интересе ду, стенна лелайо ахь и харцо. Шайн култура, ламасташ, идентификалла йиссийтархьама, хи санна цIий Iенийначу нохчийн къоман историн бухера хIун ахка гIерта хьо?", - хоьтту министро.

"Со хууш вац, муьлхачу сибате вилла ас хьо: сайн къоман мостагIийн куьце я айхьа хьайна пиар ян гIертачу стеган амате? Хьуна хIун оьшу пиар а? Генийш олучу нахана герга ма ву хьо. Ахь буьйцурш муьлха нохчийн бу, Туркойчоьнах дIакхета гIерташ мила ву, хIун цхьаалла юьйцу ахь", бохуш, юх-юха карзахе вуьйлу пафосе Умаров Джамбулат.

Кхи дIа билгалдоккху министро, политикин гIуллакхошлахь нохчашца ультиматуман мотт а ца лебеш, адамийн маттахь, боьршачу стеган маттахь вистхилларг цхьа Путин Владимир бен цахилар а.

Шен а, кинорежиссеран а сийдойуш, доьвне вала а ца лаьа шена боху министро.

Нохчийчоьнан къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министран Умаров Джамбулатан бIобулу, кеста шаьшиъ вовшашца ган а гина, куьйге гIуриг хиларх.

Ша доьналла долуш стаг хиларе терра, Сокуров реза хила а тарло Умаровца къамел дан, амма кIезиг меттигаш бу Нохчийчоьнан куьйгалхошца къамел дийнарг воккхавеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG