Австрехь политикан тховкIело йолу Инаев Мохьмад Чиллан-баттахь нохчийн къам дохийначу денна леринчу цхьаьнакхетаре Стокгольме воьдуш лецира Швецерчу Iедалхо.
Малхбузехь вехачу нохчочунна дуьхьалдаьккхира иза Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш хилар. Оьрсийн Iедало иза бехкевеш хиллера низамца а доцуш герз лелорна а, полисхошна дуьхьал зуламаш дарна а.
Лаьцначул тIаьхьа масех де даьлча Мальмё гIаларчу кхело Инаевн набахтехь латтон сацамбира, прокуратурана Оьрсийчоьнера иза бехкехиларх тоьшаллаш деха тIе а дуьллуш.
Амма йиллинчу хенахь Оьрсийчоьно дахкийтина тоьшаллаш талла ца лараелла кхел.
Инаев Оьрсийчу дIавала кхераме хиларх а, цунна цигахь таIзарш дийриг хиларха лаьцна Австрерчу жигархоша чIагIдар тидаме а эцна, Инаев дIахецна Швецерчу Iедалхоша.
Кхо бутт сов лаьцна латтийначу Инаевс Маршо Радиога дийцира, цкъа хьалха ша вехачу Австрехь адвокатех дага а ваьлла, ша хьашт доцуш лаьцна латтор кхеле дилла дагахь ву ша, аьлла.