ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Джамбулат: Ракка хьовха, Вашингтон а, Хонкара а ю Нохчийчоьнна духьал кибер-атакаш еш


Нохчийчоьнан къоман политикан министро Умаров Джамбулата Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ бехкейина шен урхаллан сайт йохорна. Иштта, даржийна, интернет-атака йина министраллана Туркойчоьно а, «Исламан пачхьалкх» шех олучу терроран тобано а, аьлла.

Цо бахарехь, массех кIира ду министраллана DOS-атака йолийна – серверна Iаткъам а беш, министраллан сайтехь го Туркойчоьнан байракх. Кху деношкахь маситтаза гIоьртира шайн сайт йохон, амма шаьш дуьхьало ян лараделла, аьлла Умаровс.

Къоман политикан министрна хетарехь, цхьана могIара ю 1амеркан Штаташ а, Туркойчоь а, ДАIИШ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG