ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кореяно дIахецна студент Вормбиер велла


КIира хьалха Къилбаседа Кореян Iедало лаьцна кхобучуьра дIахецна Iамеркара студент Вормбиер Отто велла шен цIахь Iамеркахь, хаамбина The Washington Post-о цуьнан гергарчарна тIе а тевжаш.

"Тхан декхар ду хIара шийла кхаъ баккха, шена беза доьзал гонах а болуш, дахаран некъ берзий тхан воIа. Баркалла ала лаьа Оттона далург дерриг а дарна Цинциннати Университетан медицинан центрерчу къинхетамечу говзанчашна" - аьлла яздина гергарчара.

Хьалхо лоьраша тергоне ийцира Къилбаседа Кореяно набахтера дIахецна студент, коьртаца телхина вара иза. Ткъа набахтера араваккхале Пхеньяно цуьнца йоцу цамгар бехкейира хилларг довзуьйтуш.

Стохка Къилбаседа Кореяхь 15 шо хан туьйхира Вормбиер Оттона набахтехь яккха. Иза бехкевинера «Кореяна зуламаш дан лерина хиларна».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG