ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Ризванна арахь такха 3 шо "доьху" прокуроро


Rizvan Ibragimov
Rizvan Ibragimov

Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан кхелехь доьрзуш ду яздархочун, публицистан Ибрагимов Ризванан дов. Иза бехкево экстремизмна а, кхин дин лелочу нахах вон йозанаш даржорна а.

Шинарийдийнахь дирзина дийцарш. Арахь такха 3 шо хан тохар дехна прокуроро. Адвокато Касумов Султана а, юкъархочо-агIончас Успанов Юнис а тоьшалла дина Ибрагимов бехкевацарх.

Ибрагимов Ризвана бехк тIе ца эцна, дехна ша бехказа ваккхар а, нийса сацам бар а.

«Ас шуна дIагайтина сайн техникан Iилманийн кандидат хиларан, Оьрсийчоьнан Iилманийн академик хиларан а тоьшаллаш. Сайн жайнеш ас Iилманан публицистика лору. Дуй керланиг сан жайнешкахь? Шеко а йоцуш, ду.

Кхин ду и керла хаарш тахана кхеточу историца догIуш дацар а, уьш харц хетар а. Амма дагалоцур вай заманца ца вогIуш хилла Бруно Джордано а, Коперник Николай а. Вайна хаьа тахана уьш бакъ хиллийла, - элира шен «тIаьххьарчу дашехь» Ибрагимовс.

Дош дерзош, кхелахочун пурбанца, доIа дира цо. Массара а, кхелахочо а, прокуроро а, куьйгаш ирх айдира, доIа дерзош «Амин» а олуш.

Цул тIаьхьа кхелахо Налаева Хадижат сацам кечбан яхара лерринчу чоьнаш чу. Сацам дIакхайкхо тарло тахана сарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG