ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара МухIажиран Де - нохчийн къоман де санна



Дуьненаюкъарчу мухIажарийн дийнахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло зорбане даьхна керла терахьаш, кху лаьттахь даханчу 2016-чу шарахь мас мухIажар ву бохучух. Цкъа а ца хиллачу кепара лакхара ду уьш – 65 миллион 600 эзар стаг. И бохург ду, цул хьалхарчу шарахь чул а 300 эзар стаг алсам ваьлла, шайн мохк а, ков-керт а дитадезначарна юккъехь.

Мангал беттан 20-чохь билгалдоккхучу мухIажарийн денна лерина хIора шарахь рапорт арахоьцучу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин мухIажарийн гIуллакхех йолчу урхалло билгалдаьккхина, карарчу хенахь дуьненчохь хIора а 113-гIа стаг мухIажар ву, аьлла. Ткъа и нах цхьаьна багарбича, Британин бахархойн терахьал алсамох ду дуьненчохь карарчу хенахь боьхна лелачу мухIажарийн терахь аьлла билгалдаьккхина ду рапортехь.

хIора минот 20 стаг шен хIусам охьа а тесна, тховкIело лаха араволу

„И бохург ду, юкъарчу хьесапехь даханчу шарахь хIора минот 20 стаг шен хIусам охьа а тесна, тховкIело лаха араволу бохург. Ткъа хIора секондехь – кхо стаг“, - иштта яздо рапортан авторша.

Цу нахах доккхах долу дакъа шаьш бехачу пачхьалкхашкахь „чоьхьара мухIажарш“ хилла лелаш бу, аьлча а, шайн мехкан цхьана кIоштара вукху кIошта а юьдуш.

Уггаре а алсамох мухIажарш Шемара бу – цигара ведда пхиъ ах миллион стаг ву. Цул тIаьхьа йогIуш Къилба Судан ю – цигахь тIеман тийсадаларш марсадовлар бахьана долуш даханчу шарахь 800 эзар стаг ведда.

ОвхIан а, Украина а, Оьрсийчоь а ю дукха мухIажарш бовлучу мехкашна юккъехь. Нагахь санна Украинера тIом бахьана долуш нах махках бийлахь, Оьрсийчуьра Малхбузе оьхурш доккхачу декъехь нохчи бу. Ши некъ бен бац царна Европе кхача – я дуккхаъ ахчанаш а луш, векалташка некъашна харжаш а еш, виза а яьккхина, - нагахь санна шайна иза лахь, - новкъабовлар, я Беларусехула Польше а баьхкина, цигара кхин а Европин кхечу мехкашка дIасабаржар.

хазахета шен мохк битина цхьа а ара а вер вац

И ший а некъ яккхийчу халонашца боьзна бу, чакхенгахь шаьш Европехь тIелоций я цIехьа хьаждой а ца хууш вайнаха юхьарлоцуш. ХIетте а лах ца ло Нохчийчуьра дIаюьхучу мухIажарийн терахь. ХIунда бохучу хаттарна шена хетарг дийцира немцойн Коьлн гIалахь мухIажаршца болх беш волчу Шишханов Олхазара.

Шишханов Олхазар: „Цкъа делахь, шен Даймохк бита атта дац, хазахета шен мохк битина цхьа а ара а вер вац. Ткъа шозлагIа делахь, нохчий мухIажарш бийла бахьанаш вай тергалдича, уьш дукха ду. Иза тIом а бу, иза мацалла а ю, иза шен дийне вала стеган таро ца хилар ю, иза нехан могашаллаш ца хилар а, дарбанаш дан аьттонаш ца хилар а ду.

Кхерамазалла ю бохуш массанхьа а дIакхайкхош ду, амма ахь раз ши дош алахь ца хууш, ларамаза хадон ца безачу стеган ахь некъ хадабахь, иза тоьуш ду-кх и стаг а, цуьнан доьзал а сийсаз бан а, царна таIзарш дан а“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG