ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Ризванна 2,5 шо хан тоьхна


Ризван Ибрагимов

2 шо 6 бутт арахь яккха хан кхайкхина яздархочунна-историкна Ибрагимов Ризванна Соьлж-ГIаларчу Октябрян кIоштан кхело.

И сацам бовзийтира сарахь 5 даьлча кхелхочо Налаева Хадижата. Цунна хетарехь, гIуллакх луьстуш мел теллина тоьшаллаш а, безказлонаш а дуьстича, яздархочун бехк бу Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 282 артиклан 2-чу декъаца богIуш.

Бехкевийриг гонахарчу наха а, накъосташа а дика вуьйцуш хиларна, юкъараллана цунах кхерам бацарна, оццу кодексан 73 артикалца таIзар дай а деш, Ибрагимовна хан арахь яьккха магийна кхело.


Ша Ибрагимов Ризвана а, цуьнан адвокато Касумов Султана а къобал ца бина кхелан сацам. Низамо еллачу бакъонца Лаккхарчу кхеле аппеляци йийр ю шаьш, аьлла, комментари йира сацамах Ибрагимов Ризвана.


Ибрагимов Ризван бехкевора цо исторех язйинчу книгашкахь нохчийн къам ай а деш, жуьгтийн къам сийсаздо бохуш. Яздархочо иза аьттехьа а тIе ца дуьту. Цо бахарехь, стохка дIа а лаьцна, полицин декъехь ток а етташ хьийзийча дуьйна схьа ву иза Нохчийчоьнан лаккхарчу даржхойн омарица кхеле ийзош. Ибрагимов тешна ву, кхело баккхийчу хьаькамашна товш боллу сацам чекхбаьккхина хиларх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG