ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера чохь пилот воцу кема чудожийна коалицино Шемахь


Шен ницкъашна герга деана чохь пилот воцу Шемарчу Iедалан ницкъийн кема чудожийна Атлантикан альянсо Шемахь шинарийдийнахь.

ТIеман хьелашкахь лела Shaheed 129 кема чудаийтина Iамеркан F-15E Strike Eagle кемано, хаамбина коалицин куьйгалло.

КIира хьалха оцу меттехь чудожийра Iамеркахоша кхин цхьа чохь пилот воцу Шемин кема а.

ХIетахь и хьалхара кема чудожийча Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьединера, ша стигалахь тур латтор ю Асадан ницкъашкарчу кеманашна аьлла.

ШолгIа де ду Оьрсийчоьно ша шен агIор хадабо Iамеркахошца стигаларчу кхерамзаллах бина барт, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG