ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн Iаьрбичоьнан элано кхин воI къастийна шел тIаьхьа шегарчу дарже хаа


СаIудийн Iаьрбичоьнан элано Салман ибн Iабдел-Iазиз Ал СаIуда шегара дарж шел тIаьхьа карадала къастийна хилла Мухьаммад бен Наиф ваьккхина оцу тIаьхьалонах. Цуьнан метта дарже хуунверг ву 31 шо долу кхин воI - Мухьаммед бен Салман. И хаам баржийна Al Arabiya телеканало.

Иштта, дIадаьккхина Мухьаммад бен Наифера чоьхьарчу гIуллакхийн министран дарж а. ДIабелла и меттиг воIе Iабдул-Iазиз бен СаIуде бен Наифе. Шен кхин цхьа воI, Халед, ши бутт хьалха Iамеркан Штаташка векал вира элано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG