ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Къилбаседа Кавказера урхалла, цо бечу хаамца, теллина яьлла Ставропол-махкарчу Амангазиевна а, Валиев Арсланна а духьал гIаттийна рогIера бехк.

Талламчаша чIагIдарехь, Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цара 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота йохош дакъалаьцна цара.

РогIера дов ду Амангазиевна а, Валиевна а дуьхьалдаьккхинарг. Стохка Нохчийчуьрчу кхело тIемашкахь дакъалацарна 9 а, 7 а шераш кхайкхийра царна набахтехь такха. ШолгIа кхел ю хIинца царна тIехь ян йолош.

XS
SM
MD
LG