ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан муфтис къинхетаме хилар доьху туьканийн дайшка


Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа инстаграмехула, Ютубехула а карарчу мархийн баттахь кхачанан мехаш беста ца бар хьоьху туьканийн дайшна а, базаршкахь мах бечарна а.

«Вайлахь мисканаш бу, уьш ца ларабо, беза мах а луш, мархина юуург эца. Кху баттахь йинчу Iамалх хуьлумел Везачу АллахIа дуккхаза а совбоккху. Ас доьху шуьга мехаш шаьш къастош къинхетаме хиларе», - боху мехкан муфтис.

Кху деношкахь кхачанан мехаш цIеххьана дистина хаало Нохчийчохь а, бусалба нах бехачу кхечу регионашкахь а. Де доцчу нехан ифтар беркъадаьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG