ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Геремеев Руслан вистхилийтар доьху журналисташа Кадыровга


Кадыров Рамзане «Новая Газето» доьху политик Немцов Борис вер толлучу кхеланна гIодеш, «Север» («Къилбаседане») батальонан буьйранчин гIовс лаьттинчу Геремеев Руслане массех хаттар дар.

Газето дош делла Геремеевн жоьпаш, цо уьш луш хилахь, дуьззина довзийта.

2015-чу шеран Iай Москох тапча йиттина вийра Немцов Борис. Пхи нохчо ву цунна бехкевеш кхеле валийна.

Немцовн гергарчарна хетарехь, Кадыров а ву зуламан декъахь, ткъа зулам дан нах арабаьхнарг, ткъа кхочушдайтинарг а Геремеев ву боху цара. Йоьрзуш лаьттачу кхело Немцов верах йолу къайле ца яьстина, чIагIдо НемцовгIеран адвокаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG