Баккхийчу хьакамашна Думано бакъо елла хьал къайладахьа
Пачхьалкхан Думано Оьрсийчоьнан Хадаран урхаллана (ФСО) бакъо елла Iедало ларбеш болчу хьакамашна шайн бахамах йолу информаци къайлаяхьа.
Оцу низамо таро ло президентан, премьер-министран, инарла прокуроран, Талламан комитетан куьйгалхочун, Думин спикерийн, Оьрсийчоьнан Лакхарчу а, Конституцин а кхелан куьйгалхойн бахам, хIусамех йолу информаци хьулъян.
Бухе диллина бахьана ду баккхий хьаькамаш хила тарлучу терактехь Iалашбар, Думе низаман проект кховдийнарг вара президент Путин.