ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн Карман-Синдзикау юьртахь магийна боцу гулам хилла


«Хьалххе кечбина а бацара и гулам, машаре дара къамелаш, вовшахкхийтира депутаташца», - элира Маршо Радиога цхьана декъашхочо.

Протестхоша бахарехь, Советан заманахь колхозан долахь хиллачу латтанийн хIинца дай бевлла, ткъа юьртахой бисина лелон латта а доцуш.

Маршо Радио гIоьртира Карман-Синдзикаун администрацица къамел дан, амма аьтто ца белира. Хаттарна жоп деллачу Дигора кIоштан куьйгаллин векалша шайн оцу юьртахь хиллачу гуламах ала дац, меттигерчу газетан редакцица къамел де элира.

Юртан митингехь хилла полици а, ткъа стагга а лаьна аьлла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG